John.1.1
2Cor.4.6
2Pet.3.5
1Cor.11.7
Matt.19.4; Mark.10.6
Matt.19.4; Mark.10.6

Дуьненан доладалар

Дешхьалхе

Грекийн маттахь Делан Йозанийн хӀара хьалхара тептар «генесис» цӀе йолуш ду. Иза «схьадалар» бохург ду. Наха хӀокху тептарх иштта аьллера, цо дуьне а, адам а кхолларх а, къа схьадаларх а, дуьнен чохь балахьегар дӀадоладаларх а, Дала адамашна дечух а лаьцна дуьйцу дела. Доладалар шина декъе декъа мегар ду:
1-11 кортош: Царна чохь дуьне кхоллар а, адамийн юьхьанцара истори а ю. Цу декъа тӀехь Адамах а, Хьавах а, Кхаимах а, Хьабулах а, Нохьех а, хи тӀедаларх а, Бавелан бӀаьвнах а лаьцна дуьйцу.
12-50 кортош: Царна чохь исраилхойн ширачу дайх лаьцна дуьйцу. Хьалхарниг ИбрахӀим ву. Цуьнан Делах тешар а, Далла муьтӀахь иза хилар а гойту кхузахь. Цул тӀаьхьа ИбрахӀиман кӀантах Исхьакхах а, кӀентан кӀантах Якъубах а (Исраил аьлла, кхин цӀе а ю цуьнан), Исраилан халкъан шийтта тайпа кхоьллина волчу Якъубан шийтта кӀантах а дуьйцу. Къаьсттина боккха тидам тӀебохуьйту тептар тӀехь Якъубан кӀантах Юсупах а, Якъубан а, цуьнан кӀентийн а шайн доьзалшца Мисар-махка дӀакхалхарх а лаьцна дуьйцучунна.
Адамех лаьцна цу тептар тӀехь дийцахь а, иза уггар хьалха Дала динчух лаьцна дийцар ду. Иза дӀадолало Дала дуьне кхолларх лаьцна дуьйцуш, ткъа чекхдолу Дала Ша адамаш Ӏалашдийр ду аларца. Юьхьанцара дуьйна чекхдаллалц тептаран коьрта декъашхо Дела ву. Цо кхел а йо, зулам дечарна таӀзар а до. Цо Шен нах дӀа а буьгу, царна гӀо а до, церан кхоллам дӀа а нисбо. И шира тептар яздина дара, халкъан Делах долу тешарх лаьцна дӀаяздархьама а, иза дийна долу тешар санна Ӏалашдархьама а.


Делан Йозанаш
http://ibt.org.ru/bible
Товратах а, Инжилах а лаьтташ долу Делан Йозанаш
Учреждение российской академии наук институт языкознания ран
Товратах а, Инжилах а лаьтташ долу
Делан Йозанаш
Делан Йозанаш гочдаран институт 2012
ISBN 978-5-93943-184-2



Copyrighted: © Институт перевода Библии, 2012

Институт перевода Библии
Институт перевода Библии, 101000 Москва, Главпочтамт, а/я 360
ibt_inform@ibt.org.ru
back
close
:
prev / next

Дуьненан кхолладалар

1 Юьхьанца Дала кхоьллира стигалшший, латтий.
2 Ткъа латта даьсса а, кегарин а дара, гобаьккхина кӀорга хи а, Ӏаьржа бода а бара, ткъа Делан Са хиш тӀехула лелаш дара.
3 Дала элира: «Хуьлийла серло». ТӀаккха серло хилира.
4 Дела хьаьжча, Цунна и серло дика хийтира. ТӀаккха Дала серло боданах къастийра.5 Серлонах Дала «де» элира, ткъа боданах «буьйса» элира.
Иштта суьйре а дӀаелира, Ӏуьйре а еара. ДӀаделира цхьа де.
6 Дала элира: «Хи юккъехула а доькъуш, дуькъа хӀаваъ хуьлийла».
7 Иштта хилла дӀахӀоьттира: Дала дуькъачу хӀавааца хи шина декъе дийкъира. Цхьа дакъа хӀаваана тӀехула хуьлуш, важа дакъа бухахь дуьсуш.8 Цу дуькъачу хӀаваах Дала «стигал» элира.
Суьйре а хилира, Ӏуьйре а тӀееара. ДӀаделира шолгӀа де а.
9 ТӀаккха элира Дала: «Стигалан бухахь долу хи дерриг цхьаьна а кхетийла, екъа меттиг а хуьлийла». Иза иштта хилира.
10 Екъачу меттигах Дала «латта» элира, ткъа цхьаьнакхеттачу хих «хӀорд» элира. И дерриге гича, Далла иза дика хийтира.
11 Цул тӀаьхьа Дала элира: «Лаьтта тӀехь йолийла сийналла а, буц а, ялта а, шайна чохь хӀу а долуш, стоьмаш ло дитташ а, шайна хӀора стоьма чохь хӀуш а долуш. Оцу хӀух юха а изза тайпа ораматаш а хуьлуш». Иштта хилла дӀахӀоьттира.
12 Латто сийналла а елира, буц елира, ялта а кхиира, шайн-шайн тайпана хӀу а луш, уьш юха а йовлуш. Стоьмаш ло дитташ а хьаладевлира, шайна чохь хӀуш а долуш, царех кхин а цу тайпана дитташ а довлуш. Иза а, хьаьжча, Далла хазахийтира.
13 Юха а суьйре дӀаелира, Ӏуьйре а еара. Чекхделира кхозлагӀа де а.
14 Дала элира: «Хуьлийла стигалахь серлонаш! Лаьтта тӀе билгалонаш лойла цара, де буьйсанах а къастош, хенан заманаш а йоькъуш, денош а, шераш а доькъуш.
15 Лаьтта тӀе шайн серло а лойла цара». Иштта хилла дӀахӀоьттира.16 Цу тайпана кхоллаелла шиъ коьрта серло, царех йоккхачо дийнан, ткъа жимочо буьйсанан Ӏуналла а деш. Седарчий а кхолладелла стигалахь.17 Уьш Дала дӀанисдина стигалахь, лаьтта тӀе шайн серло ялийта а,18 дийнан а, буьйсанан а Ӏуналла дан а, серло боданах къасто а. Дела хьаьжча, Цунна и дерриге а хазахийтира.
19 Суьйре а еара, Ӏуьйре а тӀекхечира. ДоьалгӀа де а дӀаделира.
20 Юха Дала элира: «Хуьлийла хи чохь дуккха а, массо а тайпана садолу хӀуманаш. ХӀаваэхь тӀема довлийла дуккха а тайп-тайпана олхазарш а».
21 Иштта кхоьллира Дала Ӏаламат хӀордан дийнаташ а, массо а тайпана хи чохь йолу садолу хӀуманаш: яккхий а, кегий а. ХӀаваэхь тӀема девлира дуккха а массо а тайпана олхазарш. Дела, хьаьжча, Ша кхоьллинчунна реза хилира.
22 Цо, уьш декъалдеш, элира: «Дебийла шу, тӀаьхье беркате а хуьлуш, хӀордаш хих дузуш. Дуккха а олхазарш кхуьийла дуьнен чохь».
23 ТӀееара суьйре, хилира Ӏуьйре а. ДӀаделира пхоьалгӀа де а.
24 Юха Дала элира: «Хуьлийла лаьтта тӀехь массо а тайпана садолу хӀуманаш а, даьхни а, текхаргаш а, лаьттан акхарой а, шайн-шайн тайпанашца». Иштта хилла дӀахӀоьттира.
25 Тайп-тайпана акхарой а, даьхни а, лаьттан текхаргаш а, ерриге тайпанашца кхоллаелира. Хьаьжча, Далла иза а хазахийтира.
26 ТӀаккха Дала элира: «Кхуллур Вай адам, Вешан аматехь а, вастехь а долуш. Хуьлийла уьш олалла деш дуьнен чу мел кхоьллинчу са долчу хӀуманашна тӀехь: хи чуьра а, лаьтта тӀера а дийнаташна тӀехь а, лаьттан текхаргаш тӀехь а, хӀаваэра олхазаршна тӀехь а, дерриге лаьтта тӀехь а».
27 Иштта кхоьллира Дала адам. Стаггий, зудий кхоьллира Цо Шен аматехь.
28 Уьш декъалбеш, Дала элира: «Дебийла шу, тӀаьхье стам а луш, дузийла аш латта, шайн дола доккхийла аша иза. Олалла дойла аш массо а хи чуьра чӀерашна тӀехь а, хӀаваэра олхазаршна тӀехь а, дерриге а лаьтта тӀера дийнаташна тӀехь а».
29 Юха а элира Дала: «Шуна ло Аса дерриге а лаьтта тӀера массо а хӀу тосу ораматаш а, массо тайпана стом ло дитташ а, шайна чохь оццу диттийн хӀу а долуш. Царех хир ю шуна юург.
30 Ткъа ерриге а садолчу хӀуманна а ло Аса массо а тайпана гӀа-буц. Ерриге а лаьтта тӀера акхарошна а, массо а стигалара олхазаршна а, хӀора лаьттан текхаргана а юург хир ю иза». И дерриге а хилла дӀахӀоьттира.
31 Оцу Ша мел кхоьллинчуьнга Дела резахиларца хьаьжира. Иштта еара суьйре а, Ӏуьйре а хилира. ЯлхалгӀа де а дӀаделира.
prev / next