Адам – Іебархойн маттахь «зуда» бохург «стаг» бохучуьнца цхьаьна доьзна ду.
CHE:Heb.4.4; CHE:Heb.4.10
CHE:1Cor.15.45
CHE:1Cor.15.45
CHE:Rev.2.7; CHE:Rev.22.2; CHE:Rev.22.14
CHE:Gen.3.22; CHE:Heb.2.7; CHE:Heb.22.2
CHE:1Sam.15.7
CHE:Dan.10.4; CHE:Gen.10.11-Gen.10.12
CHE:Gen.15.12; CHE:1Sam.26.12
CHE:Matt.19.5; CHE:Mark.10.7; CHE:Mark.10.8; CHE:1Cor.6.16; CHE:Eph.5.31
CHE:Matt.19.5; CHE:Mark.10.7; CHE:1Cor.6.16; CHE:Eph.5.31

Дуьненан

доладалар

Дешхьалхе

Грекийн маттахь Делан Йозанийн хІара хьалхара тептар «генесис» цІе йолуш ду. Иза «схьадалар» бохург ду. Наха хІокху тептарх иштта аьллера, цо дуьне а, адам а кхолларх а, къа схьадаларх а, дуьнен чохь балахьегар дІадоладаларх а, Дала адамашна дечух а лаьцна дуьйцу дела. Доладалар шина декъе декъа мегар ду:
1-11 кортош: Царна чохь дуьне кхоллар а, адамийн юьхьанцара истори а ю. Цу декъа тІехь Адамах а, Хьавах а, Кхаимах а, Хьабулах а, Нохьех а, хи тІедаларх а, Бавелан бІаьвнах а лаьцна дуьйцу.
12-50 кортош: Царна чохь исраилхойн ширачу дайх лаьцна дуьйцу. Хьалхарниг ИбрахІим ву. Цуьнан Делах тешар а, Далла муьтІахь иза хилар а гойту кхузахь. Цул тІаьхьа ИбрахІиман кІантах Исхьакхах а, кІентан кІантах Якъубах а (Исраил аьлла, кхин цІе а ю цуьнан), Исраилан халкъан шийтта тайпа кхоьллина волчу Якъубан шийтта кІантах а дуьйцу. Къаьсттина боккха тидам тІебохуьйту тептар тІехь Якъубан кІантах Юсупах а, Якъубан а, цуьнан кІентийн а шайн доьзалшца Мисар-махка дІакхалхарх а лаьцна дуьйцучунна.
Адамех лаьцна цу тептар тІехь дийцахь а, иза уггар хьалха Дала динчух лаьцна дийцар ду. Иза дІадолало Дала дуьне кхолларх лаьцна дуьйцуш, ткъа чекхдолу Дала Ша адамаш Іалашдийр ду аларца. Юьхьанцара дуьйна чекхдаллалц тептаран коьрта декъашхо Дела ву. Цо кхел а йо, зулам дечарна таІзар а до. Цо Шен нах дІа а буьгу, царна гІо а до, церан кхоллам дІа а нисбо. И шира тептар яздина дара, халкъан Делах долу тешарх лаьцна дІаяздархьама а, иза дийна долу тешар санна Іалашдархьама а.


Делан Йозанаш
http://ibt.org.ru/bible
Товратах а, Инжилах а лаьтташ долу Делан Йозанаш Учреждение российской академии наук институт языкознания ран
Товратах а, Инжилах а лаьтташ долу
Делан Йозанаш
Делан Йозанаш гочдаран институт 2012
ISBN 978-5-93943-184-2



Copyrighted: © Институт перевода Библии, 2012

Институт перевода Библии
Институт перевода Библии, 101000 Москва, Главпочтамт, а/я 360
ibt_inform@ibt.org.ru
back
close
:
prev / next
1 Иштта кхолладелла стигалш а, латта а, царна тІехь мел йолу хІума а.
2 ВорхІалгІа де тІедале чекхдаьхна Дала дерриге а Ша мел дина гІуллакхаш. Цу дийнахь, Ша мел динчу гІуллакхех паргІат а ваьлла, Дала садаьІира.
3 ТІаккха и ворхІалгІа де Дала, декъалдеш, къобалдира. Цу дийнахь Шен массо а кхоллараллийн гІуллакхаш кхочушдина дела, Дала садаьІира.

Адам а, Хьава а

4 ХІара ду стигалшкахь а, лаьтта тІехь а хилларг, Везачу Дала уьш кхуллучу хенахь.
5 Цу хенахь лаьтта тІе яьлла яцара цхьа а аренан буц я колл, хІунда аьлча Дала хІинца а догІа ца даийтинера лаьтта тІе, адам а ца хиллера и латта лело.6 Ткъа лаьтта тІера Іаь хьалайолура, и дерриге а латта тІада а деш.7 ТІаккха лаьттан поппарх адам кхоьллира Везачу Дала, цунна чу са а дуьллуш, ткъа и адам денделира.
8 ТІаккха Везачу Дала, малхбалехь йолчу Іедан цІе йолчу меттигехь беш а йийна, цига Ша кхоьллина стаг хаийра.
9 Цу лаьтта тІехь Везачу Дала кхолладалийтира массо а тайпана дитташ, тІехьаьжча хаза а, тамехь а долуш, царна тІера стоьмаш даа пайден а долуш. Бешана юккъехь дара дахаран дитт а, дика а, вон а довзуьйту дитт а.
10 Цу бешахь хи тохархьама, Іедан-меттигера схьадолура хи, тІаккха иза деа декъе декъалора.
11 Цхьаннан цІе Пишон ю, иза ду дерриге а Хьавил-лаьттана тІехдолуш. Оцу лаьттах деши а доллу.12 (Цу лаьттара и деши дика а ду. Цигахь ю «бадолахь» олу сегІазах тера а йолуш, хаза хьожа йогІу хІума а, «оникс» олу деза тІулгаш а ду).13 ШолгІачу хин цІе ю Гихьон, иза тІехдолу дерриге а Хуша олучу лаьтта тІехула.14 КхоалгІачу хин цІе ю Хьиддекхал. Иза доьду Ашур-махка кхаччалц. ДоьалгІа хи ду Эпрат.
15 ТІаккха Везачу Дала адам Іедан беша даха хаийра, цуьнга и беш лела а йойтуш, Іалаш а йойтуш.
16 Ткъа цу стагана Везачу Дала тІедиллира: «Массо а дитт тІера стом баа мегар ду ахьа,17 амма дика а, вон а довзуьйтучу дитта тІера ма баалахь, хІунда аьлча ахьа оцу тІера стом биинчу дийнахь валарца дІавер ву хьо», – аьлла.
18 ТІаккха Везачу Дала элира: «Дика дац адам ша цхьаъ хилар, кхуллур Ас цунна гІоьнча, цунах терра а йолуш, цуьнца а йогІуш».
19 Массо а аренан акхарой а, даьхни а, дерриге а стигалара олхазарш а кхоьллинера Везачу Дала лаьттах. Цо уьш массо а адамна хьалха дІахІоттийра, цу стага царна хІун цІераш тохку хьожуш. ТІаккха оцу са мел долчу хІуманна адамо елла цІераш йитира.
20 Иштта елира адамо цІераш массо а даьхнина а, стигаларчу олхазаршна а, массо а акхарошна а, амма адамна ца нисъелира шеца йогІуш йолу гІоьнча.
21 ТІаккха Везачу Дала чІогІа наб кхетийтира стагана. Цунна наб кхетта яьлча, цуьнан цхьа пІенда схьа а баьккхина, и меттиг дилхаца дІакъевлира.
22 Цул тІаьхьа Ша оцу адамна чуьра баьккхинчу пІендарх Везачу Дала зуда йира, иза цу стагана яла а еш.
23 Адамо элира:
«ХІара даьІахк сан даьІахкех ю,
дилха а сан дилханах ду,
кхуьнан цІе а адам хир ю,
иза майрачух яьккхина дела».
24 Цундела стаг, шен дай-наний а дитина, шен зудчух кхетар ву. ТІаккха цу шиннах цхьа дегІ хир ду.
25 И шиъ дерзина доллушехь, адам а, цуьнан зуда а вовшех ийза а ца лора.
prev / next