Адам – Ӏебархойн маттахь «зуда» бохург «стаг» бохучуьнца цхьаьна доьзна ду.
Heb.4.4; Heb.4.10
1Cor.15.45
1Cor.15.45
Rev.2.7; Rev.22.2; Rev.22.14
Gen.3.22; Rev.2.7; Rev.22.2
1Sam.15.7
Dan.10.4; Gen.10.11-Gen.10.12
Gen.15.12; 1Sam.26.12
Matt.19.5; Mark.10.7; Mark.10.8; 1Cor.6.16; Eph.5.31
Matt.19.5; Mark.10.7; 1Cor.6.16; Eph.5.31

Дуьненан доладалар

Дешхьалхе

Грекийн маттахь Делан Йозанийн хӀара хьалхара тептар «генесис» цӀе йолуш ду. Иза «схьадалар» бохург ду. Наха хӀокху тептарх иштта аьллера, цо дуьне а, адам а кхолларх а, къа схьадаларх а, дуьнен чохь балахьегар дӀадоладаларх а, Дала адамашна дечух а лаьцна дуьйцу дела. Доладалар шина декъе декъа мегар ду:
1-11 кортош: Царна чохь дуьне кхоллар а, адамийн юьхьанцара истори а ю. Цу декъа тӀехь Адамах а, Хьавах а, Кхаимах а, Хьабулах а, Нохьех а, хи тӀедаларх а, Бавелан бӀаьвнах а лаьцна дуьйцу.
12-50 кортош: Царна чохь исраилхойн ширачу дайх лаьцна дуьйцу. Хьалхарниг ИбрахӀим ву. Цуьнан Делах тешар а, Далла муьтӀахь иза хилар а гойту кхузахь. Цул тӀаьхьа ИбрахӀиман кӀантах Исхьакхах а, кӀентан кӀантах Якъубах а (Исраил аьлла, кхин цӀе а ю цуьнан), Исраилан халкъан шийтта тайпа кхоьллина волчу Якъубан шийтта кӀантах а дуьйцу. Къаьсттина боккха тидам тӀебохуьйту тептар тӀехь Якъубан кӀантах Юсупах а, Якъубан а, цуьнан кӀентийн а шайн доьзалшца Мисар-махка дӀакхалхарх а лаьцна дуьйцучунна.
Адамех лаьцна цу тептар тӀехь дийцахь а, иза уггар хьалха Дала динчух лаьцна дийцар ду. Иза дӀадолало Дала дуьне кхолларх лаьцна дуьйцуш, ткъа чекхдолу Дала Ша адамаш Ӏалашдийр ду аларца. Юьхьанцара дуьйна чекхдаллалц тептаран коьрта декъашхо Дела ву. Цо кхел а йо, зулам дечарна таӀзар а до. Цо Шен нах дӀа а буьгу, царна гӀо а до, церан кхоллам дӀа а нисбо. И шира тептар яздина дара, халкъан Делах долу тешарх лаьцна дӀаяздархьама а, иза дийна долу тешар санна Ӏалашдархьама а.


Делан Йозанаш
http://ibt.org.ru/bible
Товратах а, Инжилах а лаьтташ долу Делан Йозанаш Учреждение российской академии наук институт языкознания ран
Товратах а, Инжилах а лаьтташ долу
Делан Йозанаш
Делан Йозанаш гочдаран институт 2012
ISBN 978-5-93943-184-2



Copyrighted: © Институт перевода Библии, 2012

Институт перевода Библии
Институт перевода Библии, 101000 Москва, Главпочтамт, а/я 360
ibt_inform@ibt.org.ru
назад
закрыть
:
1 Иштта кхолладелла стигалш а, латта а, царна тӀехь мел йолу хӀума а.
2 ВорхӀалгӀа де тӀедале чекхдаьхна Дала дерриге а Ша мел дина гӀуллакхаш. Цу дийнахь, Ша мел динчу гӀуллакхех паргӀат а ваьлла, Дала садаьӀира.
3 ТӀаккха и ворхӀалгӀа де Дала, декъалдеш, къобалдира. Цу дийнахь Шен массо а кхоллараллийн гӀуллакхаш кхочушдина дела, Дала садаьӀира.

Адам а, Хьава а

4 ХӀара ду стигалшкахь а, лаьтта тӀехь а хилларг, Везачу Дала уьш кхуллучу хенахь.
5 Цу хенахь лаьтта тӀе яьлла яцара цхьа а аренан буц я колл, хӀунда аьлча Дала хӀинца а догӀа ца даийтинера лаьтта тӀе, адам а ца хиллера и латта лело.6 Ткъа лаьтта тӀера Ӏаь хьалайолура, и дерриге а латта тӀада а деш.7 ТӀаккха лаьттан поппарх адам кхоьллира Везачу Дала, цунна чу са а дуьллуш, ткъа и адам денделира.
8 ТӀаккха Везачу Дала, малхбалехь йолчу Ӏедан цӀе йолчу меттигехь беш а йийна, цига Ша кхоьллина стаг хаийра.
9 Цу лаьтта тӀехь Везачу Дала кхолладалийтира массо а тайпана дитташ, тӀехьаьжча хаза а, тамехь а долуш, царна тӀера стоьмаш даа пайден а долуш. Бешана юккъехь дара дахаран дитт а, дика а, вон а довзуьйту дитт а.
10 Цу бешахь хи тохархьама, Ӏедан-меттигера схьадолура хи, тӀаккха иза деа декъе декъалора.
11 Цхьаннан цӀе Пишон ю, иза ду дерриге а Хьавил-лаьттана тӀехдолуш. Оцу лаьттах деши а доллу.12 (Цу лаьттара и деши дика а ду. Цигахь ю «бадолахь» олу сегӀазах тера а йолуш, хаза хьожа йогӀу хӀума а, «оникс» олу деза тӀулгаш а ду).13 ШолгӀачу хин цӀе ю Гихьон, иза тӀехдолу дерриге а Хуша олучу лаьтта тӀехула.14 КхоалгӀачу хин цӀе ю Хьиддекхал. Иза доьду Ашур-махка кхаччалц. ДоьалгӀа хи ду Эпрат.
15 ТӀаккха Везачу Дала адам Ӏедан беша даха хаийра, цуьнга и беш лела а йойтуш, Ӏалаш а йойтуш.
16 Ткъа цу стагана Везачу Дала тӀедиллира: «Массо а дитт тӀера стом баа мегар ду ахьа,17 амма дика а, вон а довзуьйтучу дитта тӀера ма баалахь, хӀунда аьлча ахьа оцу тӀера стом биинчу дийнахь валарца дӀавер ву хьо», – аьлла.
18 ТӀаккха Везачу Дала элира: «Дика дац адам ша цхьаъ хилар, кхуллур Ас цунна гӀоьнча, цунах терра а йолуш, цуьнца а йогӀуш».
19 Массо а аренан акхарой а, даьхни а, дерриге а стигалара олхазарш а кхоьллинера Везачу Дала лаьттах. Цо уьш массо а адамна хьалха дӀахӀоттийра, цу стага царна хӀун цӀераш тохку хьожуш. ТӀаккха оцу са мел долчу хӀуманна адамо елла цӀераш йитира.
20 Иштта елира адамо цӀераш массо а даьхнина а, стигаларчу олхазаршна а, массо а акхарошна а, амма адамна ца нисъелира шеца йогӀуш йолу гӀоьнча.
21 ТӀаккха Везачу Дала чӀогӀа наб кхетийтира стагана. Цунна наб кхетта яьлча, цуьнан цхьа пӀенда схьа а баьккхина, и меттиг дилхаца дӀакъевлира.
22 Цул тӀаьхьа Ша оцу адамна чуьра баьккхинчу пӀендарх Везачу Дала зуда йира, иза цу стагана яла а еш.
23 Адамо элира:
«ХӀара даьӀахк сан даьӀахкех ю,
дилха а сан дилханах ду,
кхуьнан цӀе а адам хир ю,
иза майрачух яьккхина дела».
24 Цундела стаг, шен дай-наний а дитина, шен зудчух кхетар ву. ТӀаккха цу шиннах цхьа дегӀ хир ду.
25 И шиъ дерзина доллушехь, адам а, цуьнан зуда а вовшех ийза а ца лора.